Оьрсийчохь дIакъовла мегаш ю Booking.com сервис
Цунах лаьцна хаам бо РБК-но, Ростуризме кхаьчначу кехата тIехь яздинчунна тIе а тевжаш. Цу урхалло шена хетарг хоуьйтур ду Мангалан-беттан 4-гIа де тIекхачале.
Booking.com сервис кхоьллина 1996 шарахь. Цуьнан долахо ю Iамеркан Booking Holdings компани.