Оьрчийчоьнна кхайкхийна санкцеш шоръян лууш ву Джонсон
Цкъачунна цу тайпа сацамаш Европан Бертаца дагаяьллаxул тIаьхьа бан безаш ю Британи. Амма Брекзит хиллачул тIаьхьа Лондонан аьтто хир бу мелла а луьра позици лаца, билгалдаьккхина Джонсона.
Цхьа де хьалха Британин парламентан Юкъараллийн Чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитето дIахаийтар арахийцира, "Москохан дашо: оьрсийн коррупци Британехь" цIе а йолуш.
Цуьнан авторша дIахьедина Оьрсийчуьрчу "боьхачу ахчано" зен до Британин арахьарчу политикана аьлла.