Москох йиттина Дагестанерчу студентана
Болчу хаамца, 8 стага, шайна юкъахь зуда а йолуш, багайиттина цуьнга, сий доцу къамелаш деш. Юха цхьаммо буй тоьхна вожийна Абумуслимов. Хилларг гинчу зудчо лоьраш кхайкхина. Цара дIавигина жима стаг дарбанан хIусаме.
Карарчу хенахь Абумуслимов кхетамехь вац. Лоьраша шайна ца хаьа боху, иза маца метта вогIур ву.