Абрамовича шен хьал нийсонца гулдина хилар тIечIагIдан деза, боху Лондоно
Абрамовичан хьалха хиллачу визан хан чекхъяьлла дIабаханчу Оханан-баттахь.
Цхьа де хьалха Британин парламентан Юкъараллийн Чоьнан дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитето дIахаийтар арахийцира, "Москохан дашо: оьрсийн коррупци Британехь" цIе а йолуш.
Цуьнан авторша дIахьедина Оьрсийчуьрчу "боьхачу ахчано" зен до Британин арахьарчу политикана аьлла.
Хьалхо Британин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Радд Эмбера хаам бира, бIеннаш хьал долчу Оьрсийчоьнан махкахошна еллачу визанашна таллам бар долийна шаьш аьлла.