CNBC: Путина хьехийна ракеташ зер аьтто боцуш дIадирзина хилла
Цу еаннах уггаре кхиаме тIемаяьлла ракета яхана 35 километр, цул тIаьхьа иза шен лаамехь охьайоьжна. Телеканалан хьастано дийцарехь, болх ца бина зарратан энергин моторо. Цо бинчу хаамца, ракеташ зерна тIера ца яьлла Кремл, конструкторша система кийча яц боххушехь.
Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Федералан кхеташоне къамел деш Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дийцира шайн инзаре чIогIа зарратан энергина тIехь йолу тIемаш долу "Сармат" ракета ю аьлла.
ТIаьхьо гучуделира цу ракетан аьттонаш буьйцуш цо гайтинарг 11 шо хьалха яьккхина компьютеран графика хилар.