Соьлж-ГIалара тIелатар шена тIелаьцна "Иcламан пачхьалкх" тобано
Соьлж-ГIаларчу килсана тIелатар динарш Нохчийчуьра бахархой Юнусов Iамир а, Юнусов Iела а, Элисултанов Микаил а, иштта ГIалгIайчуьра Цечоев Ахьмад а хилла аьлла, Iорадаьккхина махкарчу ницкъаллин структураша.
Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, шоьтан дийнахь килсана динчу тIелатарехь вийна Нохчийчу гIуллакх кхочушдан хьажийначу Саратоверчу полисхойх лакхара ши сержант Рахметов Кайрат а, Горсков Владимир а.