Иракъан кхело вен кхайкхийна Оьрсийчуьра вахархо
Газетан информацица, тIаьххьарчу масех баттахь Иракъерчу кхелахоша вен кхайкхийна 300 стаг. Байначу беттан юккъехь Оьрсийчоьнан 7 яхархочунна а йира елла дIаяллалац набахтехь хан йоккхуьйтуш кхел. Ю царлахь Дагестанера Исмаилова Алиса а, Магомедханова Эльвира а.
Стохка аьхка дуьйнна Иракъерчу кхело бIеннашкахь зударийн гIуллакхаш листа долийна. Уьш бехкебо даIишхошца тIемаш бечу шайн цIийндайшна тIаьхьабахкарна а, дозанал сехьабевллачул тIаьхьа цаьрга маренаш дарна а.