Нохчийчуьра кешнаш, маьждигаш цIандеш белхи дIабаьхьна
Байначу баттахь Маршо Радионо яздира, гIазакхийн марха дастале аьлла, эзарнашкахь хьаькамаш, школашкара дешархой, хьехархой, кхечу хьукматашкара белхалой Нохчийчуьрчу Iедалхоша керстанийн кешнаш цΙандан арабахарх.
Дерриг а Нохчийчохь, болчу хаамашца, 58 гIазакхийн кешнаш ду, царех 7 Соьлжа-ГIалахь.