ЦIоз даьржина Дагестанехь, бахархой ахчанаш вовшахдетташ бу и хIаллакдан
"Iай дуьйнна дуьйцуш ду и 15 миллион, - оьгIазе дуьйцу меттигерчу депутато Адильгереев Рустама. – Байначу баттахь дуьйнна цIозца дерг хьаькамаша цхьалха даьккхина хила дезаш дара, шайн хIоанашчуьра ара ма евлла уьш хIинца".
Цо бахарехь, цхьана иттех дийнахь "тIома тIе хIуьттур" ю уьш, тIаккха 15 миллионо нисдан хIума дац. Республикерчу хьаькамаша хIора шарахь эрна хан йойу. "Хьанна кхочур тендер, къуьйсуш сенлой лела уьш, я шаьш дан догIург латта ханна лелочийн я жаIуьнийн коча дуьллу. Уьш хIун, говзанчаш бу?", - ца кхета "Кавказ.Реалиица" къамел дина депутат.