Парижерчу терактна карикатура йиллина Charlie Hebdo журнало
Карладоккху, шоьтан сарахь Парижерчу Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийра 1997-чу шарерчу жимчу стага. Урс тоьхна, стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо аьлла, хаамбира меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг вен а, 4 лазо а. Иза вийначул тIаьхьа къаьстира Нохчийчохь вина, Францин вахархо Азимов Хьамзат иза хиллийла.
"Исламан пачхьалкх" шех олучу организацино шена тIелаьцна теракт.