Юха а "паспортизаци" йолийна Нохчийчохь
Соьлжа-ГIаларчу дешархойн дай-наноша "Кавказан узел" агенталле бинчу хаамашца, доьзалхойн дайн цIераш, иза муьлхачу вирдера ву а, церан телефонан лоьмар а йовзийта шайна аьлла, схьахаийтина цаьрга берийн хьехархоша.
Оршотдийнахь Whatsappехула аудихаам баржийна мила ву цахуучо, цо тIедожадо Кунта - Хьаьжин вирдехь болчу берийн дайх информаци схьакхачор. "Кавказан узел" хьостане бахархоша шаьш резацахилар къадийна. "Стенца йоьзна юкъаяьккхина и акци хууш дац суна. Ас стенна дуьйцуш ду, суо муьлхачу вирдера ву. ХIунда йоьху соьгара телефон? Со цара шайн куьйгакIел латто везаш ву? Вайн Iедалхойн кхи дан хIума дац моьтту суна, бахархойн хIун дина садуур дара-те бохуш санна хуьлу уьш", - аьлла, дийцина агенталле ИбрехIим цIе йолчу вахархочо.
Дешаран министраллехь а, Динан урхаллехь а яьржинчу информацех дош ца аьлла.
Уггар а махкахь лоруш болчу эвлияэх ву Кишин Кунта-Хьажа. 1864-чу шарахь Дечкен-баттахь оьрсийн паччахьан Iедалша махках ваьккхина ву иза.