Туркойчоьно ханна шайн махкара араваьккхина Израилера консул
Шинаридийнахь туркоша Израилан посол шайн махкара араваьккхича, цунна дуьхьал Израило а эккхийна Туркойчуьра инарла консул. БIаьстенан юьххьехь Газан секторан а, Израилан а дозанехь палестинхоша масех дийнахь дуьхьалонан акцеш латтийра. Гуламаш вовшахтоьхначара бахарехь, Израилерчу шайн дайх дисинчу лаьтта берза йиш йоцчу наха шайна терго яйтархьама йолийнера и акцеш.
Иерусалимехь векалалла схьайоьллучу муьрехь юха а жигара ехира акцеш керлачу ницкъашца. Протестхоша Израилан салташна тIе тIулгаш детташ, негIарш дагадора.
Израило шен дозанаш а, юкъаралла а Iалашъеш ю ша аьллера. Газан дозанехь Израилан эскархоша лелорийг аьшнашдира ООН-ан кхерамзаллан Кхеташоно.