Зарратан полигон дIаяккха лаам хиларна Пхеньянна баркалла аьлла Трампа
"Баркалла, вуно хьекъале а, оьгӀазло къинхетаме ерзоран тамехь а ишар ю", - яздина Iамеркан президенто Твиттерехь Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь.
Къилбаседа Корейн пачхьалкхан хаамийн агенталло бинчу хаамца, Пхеньяно шен зарратан герз зеран майда дIайоккхуш вовшахбоккхур бу цигара гIирс. Цу хиламанан официалан церемони хир ю кху беттан 23-25-чу деношкахь, хенахIоттаме хьажжина.
Iамеркан пачхьалкхан секретаро Помпео Майка Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь дIахьедар дира, Вашингтоно Къилбаседа Корейна экономикан гIо дийр хиларх лаьцна, нагахь цо зарратан герз дар дитахь.