Оьрсийчохь уггаре къена пенсионер ю Нохчийчуьра яхархо
РИА Новостино дийцарехь иза ю Ломаз-Юьртара Истамбулова Кхокха.
Фондо хаам барехь, Оьрсичохь пенси оьцуш ву 110 шаре ваьлла 37 вахархо. Царах дукхаха берш бехаш бу ГIебартойн-Балкхаройчохь а, Нохчийчохь а, Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а.
100 шарал тIех бевлла дукхаха болу пенсионераш беха меттиг ю Москох кIошт а, Москох а, Петарбурх а, Башкортостан а.