Шела-Сити схьайиллина
Шелара цхьацца хьукматашкара белхахой делккъалц болх беш бара оцу хиламна тIаьххьара кечамаш беш: зезагаш дуьйш, нехаш дIайохуш, кхин долу белхаш беш.
Стохка Iедало, доьзалш чуьра ара а бохуш, дIахьаькхира Шелан коьртачу урамера 100 гергга ков-керт. ГIала хазйо, урамаш шордо аьлла, бIешерашкахь лаьттина хIусамаш йохийнера кIоштан Iедалхоша.
Соьлж-ГIалана 35 километр гергахь Iуьллуш йолу Шела уггаре яккхийчерах кхоалгIа гIала ю Нохчийчохь.
Шела-Сити схьайоьллуш хиллачу церемонехь вистхуьлуш Кадыров Рамзана дIахьедар дира республикан Iедалш дагахь ду цуьнахь дукха хаза, кхузаманахьлера гIала хилийта.