ГIажарийчоьно емал дина Израило Шема ракеташ еттар
ГIажарийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало дIахьедар дина, Шеман бакъо ю аьла "агрессина дуьхьало ян" аьлла.
Iамерко а, Евробарто а хьалха дIахьедар динера Израилан бакъо хилар Шеман пачхьалкхара схьалучу агрессина дуьхьало ян .
Евробарто а, Францино а, Германино а кхайкхийна Израиле а, ГIажарийчоьне а дов марса даккха гIертар дитаре.
Цу тайппа кхайкхамца дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан инарлин секретаро а.