Шевченкона тIаьххье СПЧ-кхеташо йитина Познера
Тележурналисто дийцарехь, адамийн бакъонашкахула йолу кхеташо "шен лаамехь ца хиллар сов, цхьа а Iаткъам бан таро йоцу декорацин кепехь йолу" вовшахтохаралла ю.
Шевченко цу кхеташонан юкъараваларан бахьана дара цуьнан декъашхоша цхьана а кепара реакци йина ца хилар, кху беттан 5-чу дийнахь "Он нам не царь" митингийн декъашхой дIалецарна. Полицино 1600 стаг лаьцнера цу дийнахь, ницкъах пайда а оьцуш.