Санатор Нарусова реза яц Нохчийчуьрчу парламентана
Цо билгалдаккхарехь, Нохчийчуьрчу парламенто кечйина Оьрсийчоьнан президентан даржехь йокккху хан яхъярца доьзначу низаман проект кечъяр догIуш доцу хIума а ду, иза хьажийначу стеган амаошца догIуш доцуш а ду.
Нохчийчуьрчу депутаташа кховдийнарг ду цхьана стеган бакъо хила еза, юкъах а ца волуш, кхузза президент хила аьлла, Конституцина тIехь хийцам бар.
Оханан-беттан 13-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, Путин Владимир президентан даржехь кхин дIа а вита веза аьлла. «Карарчу хенахь волу президент могуш-маьрша мел ву, вай ойла ян ца еза кхечу пачхьалкхан куьйгалхочух лаьцна", - бохуш вара иза.