Президентан даржан хан яхъян лууш ю Нохчийчуьра парламент
Цара кховдийнарг ду цхьана стеган бакъо хила еза, юкъах а ца волуш, кхузза президент хила аьлла, Конституцина тIехь хийцам бар. Иза хир ду кхана, Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийнахь.
Оханан-беттан 13-чу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, Путин Владимир президентан даржехь кхин дIа а вита веза аьлла. «Карарчу хенахь волу президент могуш-маьрша мел ву, вай ойла ян ца еза кхечу пачхьалкхан куьйгалхочух лаьцна", - бохуш вара иза.