Нохчийчохь ненах дIатоьхна 8 шо долу йоI
Бутт сов зама хиллера йоI школе ца оьху а. Цул совнаха, документаш тIехь оцу йоьIан да билггал кхеран стаг ву аьлла, билгалдаьккхина а ца хилла. Куьрчалан кIоштан полисхой а, прокуратурна белхахой а, берашна тIехь Iуналла латто органаш а орцах а бевлла, цу дийннехь йоI шен ненах дIатоьхна.