Кхелахоша шегара дIаяьккхина тапча юхайоьху нохчийн бизнесхочо
"Герз лело а, латто а бакъо хиларх дехар-кехат кхаьчна кхеле", - аьлла секретара.
Нохчийчоьнан цIарах сенатор хиллачу Джабраилов Iумара тапча кхийсинера стохка аьхка Москох Four Seasons хьешан хIусамехь, кокаин олучу наркотиках кхетта а волуш аьлла, яздинера Маршо Радионо.
Кремлна дуьххьалчу отелан тховх герзаш диттина аьлла, еанчу полицино лаьцна вигинчу Джабраиловс РБК агенталле дIахьединера, ша мелла а, я наркотикех пайдаэцна а хилла цахилар.
Иштта цо бехкбиллира хьешан цIийнан белхахошна, шена провокаци ярна а. "Отелан белхахоша карзахваьккхинера со, цундела ас иштта бунт айира царна дуьхьал», - аьллера Джабраиловс РБК-н журналисташка.
ХIетахь кхело сацам бина, герз дIадаьккхинера Джабраиловгара.