Донбассерчу тIамехь 3 эзар гергга стаг вийна Украинан
Цхьанатоьхначу Къаьмнийн Организацин зерашца, тIеман конфликтехь велларг 10 эзар ца кхоччуш ву. 20 эзар сов ву боху цара чевнаш йинарг.
Минскан контактан тоба Украинера конфликт ерзо гIертарх а, цкъачунна хуьлуш гIуллакх дац. Украинан Iедалхоша схьабечу хаамашца, яхначу буса а детташ хилла герзаш. Украинхойн тIемалойн позицешна 15-зза артиллерица а, минометашца а, танкаш тIера а герзаш диттина сепаратисташа. Шиъ украинхойн эскархо лазийна. Дуьхьал диттинчу герзо вийна цхьа сепаратист, пхенна чеваш йина.
Киево а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а Кремлна бехкаш тоьтту сепаратисташна гIо латторна. Москоха бехкаш тIе ца дуьту.
Де хьалха Iамеркан CBC телеканална еллачу интервьюхь Украинан президенто Порошенко Петра дIахьедина, сепаратистийн агIонера ах бохург санна эскархой Оьрсийчоьнан бахархой бу аьлла.