Жимачу кIантана ВИЧ-ун даларца доьзна бехктакхаман гIуллакх юхатоллур ду Нохчийчохь
БархI шо хьалха Соьлж-ГIаларчу цхьана дарбанан хIусаме, пехаш шелделла хила мега аьлла шеко йолуш, валийна хиллера цхьа шо долу жима кIант.
Талламхоша дийцарехь, дарба дан иза охьавиллина хилла ВИЧ-ун кхетта йолчу йоIаца. Кхин а 6 шо даьлча гучудаьлла и ун цунна а даьлла хилар.
Талламахошна ца карийна бехкениг, амма, цу кентан дедас дехар дарца, и гIуллакх юхаталла долийна прокуратуро, хааам бо Кавказ.Реалиино.
Дерригдуьненан могушалла Ӏалашъяран вовшахтохаралло далочу терахьашца, ВИЧ-ун даьлла 34 000 000 адам ду кху дуьнентIехь.