Шемахь, ши пилот а леш, доьхна Оьрсийчоьнан Су-30СМ тIеман кема
ТIеман министралло чIагIдарехь, кема герз тоьхна чудаийтина дац. Болчу хаамашца, иза дохаран бахьана хила мега мотор чу олхазар кхетар.
Оьрсийчоьнан тIеман векалша дийцарехь, Су-30СМ охьадоьжна Хмеймим аэродромера тIемадаьлла дукха хан ялале.
Пилоташа катапультах пайда хIунда ца эцна кхеташ дац.