Баскаша дIасахецна шайн ЭТА тоба
ЭТА (баскийн маттахь Euskadi Ta Askatasuna, Баскийн Мохк а, Маршо а) олучу коьртачу декъана баскийн сепаратистийн вовшахкхетаралла коьллинера 1959-чу шарахь Баскийн Мохк маьрша баккха, цу хенахь Испанин диктатор хиллачу Франко Францискона дуьхьало ян а Iалашо йолуш. Цу вовшахкхетараллан декъашхоша герзаца тIелетарш дора полисхошна а, Iедалан белхахошна а. Цара иштта лелхийтарш дора, маьрша адамашна бале довлуш долу.
ТIаьхьарчу хенахь ЭТА-н декъашхоша дитинера герзах пайда эцар. Ткъа 2017-чу шарахь баскаша Iедалшка дIаелира шайгахь йисина герзан арсенал.
Оханан беттан 16-чу дийнахь ЭТА тобано официалан кепара къинтIера довлар дийхинра шаьш Баскийн Мохк маьрша хилийта гIерташ герзаца къийсам дIахьош кхелхинчу нехан герагарчаьрга.
"Тхо кхеташ ду, дуккха а шерашкахь герзаца къийсам латтош, оха адамашка бала хьегийтина хиларх… Оха даггах къинтIера довлар доьхка", - аьлла ду ЭТА-н цIарах арадаьллачу дIахьедарехь.