ДАIИШ-ца къийсам дIабахьаран Иракъера шен штаб дIакъевлина Iамерко
ДАIИШ тобанерчу тIемалоша масийтта шарахь шайн Iуналлехь латтийра Иракъан территорин кхоалгIа дакъа, шена юкъахь яккхийчерах кхоалгIа гIала йолу Мосул а йолуш.
Стохка ГIуран-баттахь Иракъан премьер-министро Ал-Абади ХIайдара дIакхайкхийра, Iамеркахоша гIо а деш, шайн тIеман ницкъаша толам баьккхина "Иламан пачхьалкхан" тIеман тобанашна тIехь аьлла.