Кабулерчу шина эккхийтарехь вийнарг ву 9 журналист
Теракташ хилла Iедалан хьукматийн куьпахь, Iамеркан векалаллана гергахь. Хьалхара эккхийтар дина мотоцикл тIехь хиллачу Iожалхочо. И бохам хиллачу метте баьхкина орцанхой а, журналисташ а. Телеоператорх тарвелла царна юкъахь волчу стага эккхийтина шолгIа бомба.
Оршотан Iуьранна хилла и тIелатар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" тобано. Верриг а цу шина терактехь вийнарг ву лаххара 30 стаг. 50 сов стаг чевнаш хилла ву.