Соьлж-ГIалахь даздира "Хьалхара Май"
Соьлж-ГIалахь даздар вовшахтоьхнера "Сийлаллин аллей" олучу дагалецаман комплексна хьалхарчу майданахь. Цуьнан декъашхоша айина дара цхьацца йозанаш тIехь долу кIедеш а, лоппургаш а, Оьрсийчоьнан а, Нохчийн Республикан а байракхаш а.
Хьалхо "Кавказский узело" хаам бинера, цу даздаршкахь дакъалаца декхарелахь бина бюджетера алапа оьцуш болу белхахой а, студенташ а аьлла.