Ын Ким Ченца кеста цхьанакхета Iалашо ю Iамеркан президентан
Германин канцлерца Меркель Ангелаца хиллачу цхьанакхетаран жамIаш дуьйцуш хIоттийначу пресс-конференцехь пIераскандийнахь Трампа дIахьединера, КНДР-н лидер "шен ловзарех ловзуш ву" аьлла ца хета шена. Трампа бахарехь, Ын Ким Ченца цуьнан цхьанакхетар хир ду гергарчу хенахь.
Iамеркан тIеман министро Мэттис Джеймса а ша тешна ву аьлла, шина президентан дийцарша дика жамIаш гойтур ду аьлла.