КужуловгIеран доьзал юха а юьхьарлаьцна Нохчийчуьрчу Iедалхоша
"Шен цIийнден жимахволчу вешина Кужулов Собур-Iелина 2500 Iамеркан долларшкахь ахча тесний ца хаийтина цо ницкъаллийн структурашка. Кхелан сацамца, ахчан барамехь гIуда хьарчийна цунах", -аьлла, дийцина талламхочо.
Оьрсийчоьнан зуламан кодексан 205.6 артикло 100 эзар соьме кхаччалц гIуда тоха кхачадо бехкеечуна я цхьа шо набахтехь яккха хан.
Маршо Радионо шен агIонашкахь яздира КужуловгIеран доьзалх лаьцна. 2016-чу шарахь гIаттамхойн декъехь лаьттина аьлла, кхел йинчу 60 шо долчу Кужулов Iаббазан доьзалера 5 стаг лачкъийна дIавигинера полисхоша.
Цхьа могIа бакъонашларъярхоша гурахь даржийра, Кужулов Iаббазан кIант а, ши йоI а мича буьгу а ца дуьйцуш, къайлабахарх. Иштта Iаббазан воккхаволу ваша а, цуьнан зуда а – Iилман а, Iайшат а дигинера.
И хаам Iорабаьккхина кIира даьлча, Веданан кIоштарчу хьуьнхахь талламхоша эксперименташ дIахьочу хенахь мина а иккхина веллера Кужулов Iаббаз.Эккхийтарехь чевнаш йинера шина полисхочунна а.
Кужулов Iаббаз веллачул тIаьхьа цхьаболу цуьнан гергара нах маьрша баьхнера, ткъа цуьнан кIентан Илесан кхолламах хууш хIуммаъ дац хIинццалц схьа.