Нохчийн режиссерийн фильмаш фестивалехь гойтуш ю
Финалистийн тептаре яьккхина 10 йоца фильм, 7 телевизионан документалан кино а, 4 социалан ролик а.
Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Кхарачойн-Балкхаройчуьра а, Къилба ХIирийчуьра а, ишта кхечу регионашкара а авторийн фильмаш ю программи юкъахь.
Нохчийн режиссерийн Дунаев Адаман "Заурах кехат" а, Никулина Маринин "4" кинош "Йоца фильм" номинацехь ю.
Уггар гойтучу фильмашкахь тIеIаткъам бийриг исбаьхьа лаьмнийн суьрташ а, тIеман, безаман тематика а ю аьлла кинофестиваль вовшахтоьхначара.