"Стоп, энерговор" акци йолийна Гуьмсехь
"Шеконийн бух карийра тхуна. Кхаа меттигехь низамца а доцуш ток ягор лахдеш хилла цара я пломба йохош, я лерина "чип" хIоттош. Оцу кепашца ягочу элекроэнергино лахара терахьаш гойту",- аьлла "Чеченэнергон" векало. ХIора а ток лачкъийначух материалаш ницкъаллийн структурашка дIакхачор ю.
Рейдашкахь гайтинчу жамIаша, Гуьмса гIалахь ток маьхза ягош 13 меттиг гучуяьлла. Энергокомпанино 549, 66 эзар соьмана зен дина цара.