Австрино арабоккхуш бу Дагестанера доьзал
Шена цаьргара кхерам хаабеллачул тIаьхьа цо катоьхна дIатесира Оьрсийчоь. ХIетте а кхелаша цуьнан дехарна жоп ца делла.
Йоццачу хенахь немцойн мотт а Iамийна, МагомедовгIеран доьзал дIаийра меттигерчу бахархошца. Керла тIебаьхкинчу мухIажиршна гIо а латтадо цара меттигерчу организацешца цхьаьна.
"Кавказ.Реалии" портале Тироль гIаларчу бакъонашларъярхоша дийцарехь, церан йоккхахйолу йоI кхиамашца доьшуш схьайогIу школехь, жимахдолу шиъ берийн беша лелаш ду.
Австрехь доккха орца даьлла МагомедовгIарна. Юриста Бруггер Сеппа петици хIоттийна, шен махкахошка уьш ара цабахар доьхучу цунна куьйгяздар а доьхуш.
Лиенцерчу бакъонашларъярхоша царна гIоьнна цхьа могIа роликаш яржийна. ТIаьххьара хан тIекхаччалц Лиенц гIалахь бехаш бара Дагестанера доьзал.