Машен тIетоьхна Ставрополехь вийна Нохчийчуьра вахархо
"ВАЗ-211440" машенан шоферна ца гина некъахо, хаьхкина йогIучу автомобило лазийна стаг, лоьраш тIе а кхачале велла.
Болчу хаамашца, машенлелорхо а хилла Нохчийчуьра 24 шо долу вахархо. Невинномысскан дарбан цIийне кхачийна иза корта лазийна.
Иштта некъан полицин информацица, машенан долахо низамаш ца лардарна масийттазза гIуданаш текхна а хилла. Экспертиза а еш, талламаш бу дIахьош оцу гIуллакхан хьокъехь.