Собчак Соьлжа-гIала яхарх ролик бахьана долуш гIуда тоьхна "Эхо Москвы" сайтана
Нохчийчуьрчу кегийрхойн министраллан белхахоша шогаллица, шайн махкара дIагIо бохуш, журналистан Собчак Ксениян Соьлжа-гIала яхарх роликна гипперссылка яр бахьана долуш кхеле хIоттийнера "Эхо Москвы" сайтан куьйгалхо.
Кхело бахарехь, Рувинскийс баржийна бакъо йоцу хаам, "Хаамийн гIирсех" долчу низамца а догIуш, цензуро ца могуьйту лер хилла цу информацица. Кхелан кхеташонехь Рувинскийс шега кхийдон бехк тIе ца битина.