Герз духку нах лецна ГIалгIайчохь
Низамехь доцуш герз а, патармаш а лелорна а, дохкарна а, дехьа-сехьа дахарна а бехкевина, зуламан гIуллакх айдина лецначарна дуьхьал.
"Оцу зуламо 100 эзар соьме кхаччалц гIуда а, 6 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан а кхачайо", - аьлла ду ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайт тIехь яздина.