Оьрсийчохь къаьркъанаш мелар лахделла
Могушаллин министралло хьалхо зорбане даьхначу жамIашца, 2008-чу шарахь Оьрсийчохь цхьана стага 18 литар къаьркъа молуш хиллехь, стохка 10, 3 литаре охьадаьлла цунах пайдаэцар.
Оцу юкъанна могушаллин министро Скворцова Вероникас стохка гурахь дIахьедира, пачхьалкхехь малар тIамарх доьлла нах дукха хиларх. Къаьсттина ирча хьал лаьтта элира цо Генарчу Малхбалехь.
Экономикехь цхьана болх баран а, кхиаман а Организацин зерашца, Оьрсийчохь леш болчех хIора 3-гIа дакъа къаьркъан карах леш бу.
Карара шо долалучу хенахь Пачхьалкхан Думано низаман проект тIеэцна, бертаза алкоголикашна дарба дан магош а, ишта дарбан, белхан профилактореш юхаденъяр карладоккхуш а.