Керла премьер-министр хоржур ву эрмалоша карабогIучу баттахь
Саргсян Сержа мукъадаьккхина дарж къовса лаам бу протестийн хьалханчан Пашинян Николан. Кхи кандидатураш официалехь цкъачунна билгалъевлла яц.
Акцийн лидеро Пашинян Николас еаридийнахь шен агIончашка Ереванехь урамаш дIакъийлар сацаде аьлла. Транспорт дIасалелаларан къепе меттахIотто еза аьлла цо.
Боллу бахархой ара а бевлла Iедал хийца гIерташ ши кIира а ду Эрмалойчохь демонстрацеш дIахьо.