Дешан маршонан рейтингехь 148-гIа могIа дIалаьцна Оьрсийчоьно
КхоалгIа шо ду Оьрсийчоь оцу рейтингехь 148 могIа дIалаьцна Iаш йолу. Иза а, организацино билгалдаккхарца, доллу дуьненахь а прессан маршо охьаяларца.
Талламан авторша бахарехь, Советан Iедал доьхначу хенахь а ца хилла, тахана, кху карарчу заманчохь оцу пачхьалкхехь дIалоьцу журналисташ а, блогерш а санна лецарш.
Коьрта хаамийн гIирсаш "олигархаша" а, Кремлна муьтIахь болчара а латтош ду. Ткъа тIеIаткъам бо дозуш доцчу зорбанашна а, талламчашна-журналисташна а, билгалдаькхина рапортехь.