Ереванехь юха а марсаевлла протестхойн акцеш
Хьалхо премьер-министран декхарш кхочушдеш хиллачу Карапетян Карена шайн бахархошка а, Эрмалойчоьнан президенте а кхайкхамбина, парламентийн а, парламентехь боцчу политикан ницкъашца а цхьанакхетар дахьара аьлла, хIоьттинчу ситуацех дийцаредан а, хьал дерзо некъаш лаха а, эшахь хене а ца хьоьжуш парламентан харжамаш дIа а хьош. Премьер-министран декхарш кхочушдечо кхетийна, протестийн хьалханчаца Пашинянца цхьанакхетар хуьлийла дац, хIунда аьлча, цо керла тIебилламаш хьалхататтарца, къаьсттина, цхьанакхетаран форматах, цигахь дуьйцу долчух, дуьйцург даржочух а.
Парламентан харжамийн кампани дIахьочу юкъахь Iедалан коьртехь хIинца йолу парти йисахь, протестхошна и товр дац аьлла Пашиняна. Республиканхойн парти ерриг а Iедалан коьртера дIаяккха гIерта протестхой.
Оршотдийнахь 11 дийнахь дуьхьалонан акцеш дIаяхьар бахьана долуш премьер-министран дарж охьадиллира Саргсян Сержа.