Нохчийчуьра белхазалла охьаяккхархьама 110 миллион сом ахча хьажор ду
Цо бахарехь, "Бахархошлахь белхазалла лахъярхьама кхи тIе а барамаш дIахьош" программа юкъаяьккхина.
"Оцу программаца а догIуш, бахархойн корматалла караерзорхьама Iаморош хир ду, гIишлошъярехь, курортан а, туристийн комплексашкахь, иштта кхи йолу социалан-экономикан проекташ а юьхьарерзош", - аьлла, дийцина министраллан векало.
Ишта долчу жамIашца, карарчу беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, регионехь 56 эзар стаг ву балха ваха аьтто боцуш.