Шен хIусамехь оьккхуьйту молха латтарно Орсийчоьнан вахархо лаьцна Ослохь
Цо дийцарехь, Ослорчу цхьана петаре полици кхайкхинахилла, цу чохь лоьрийн гIо оьшуш стаг ву аьлла. Полисхоша талам бича цу чохь карийна эккхарна кхерам болу коьчалла. Цул тIаьхьа оьрсийчоьнхо лаьцна.
Талламхоша левинчул тIаьхьа кхелан сацамца талламан изоляторе хьажийна и стаг. Полицино кхин хIумма а ца даладо билггала. Хууш дац карийнарг хIун ю а.