Шайх зулам даьллачу нахе къинтIера бовлар дехна баскийн сепаратисташа
"Тхо кхеташ ду, дуккха а шерашкахь герзаца къийсам латтош, оха адамашка бала хьегийтина хиларх… Оха даггах къинтIера довлар доьхка", - аьлла ду ЭТА-н цIарах пIераскан дийнахь арадаьллачу дIахьедарехь.
Дийцарехь, гергарчу хенахь баскийн сепаратисташа официалан кепара дIакхайкхор долуш ду и вовшахкхеталло дIасахоьцуш хиларх лаьцна.
ЭТА коьллинера 1959-чу шарахь Баскийн Мохк маьрша баккха, цу хенахь Испанин диктатор хиллачу Франко Францискона дуьхьало ян а Iалашо йолуш. Цу вовшахкхетараллан декъашхоша герзаца тIелетарш дора полисхошна а, Iедалан белхахошна а. Цара иштта лелхийтар дора, маьрша адамаш на бале довлуш долу.
ТIаьхьарчу хенахь ЭТА-н декъашхоша дитира герзах пайда эцар. Ткъа 2017-чу шарахь баскаша Iедалшка дIаелира шайгахь йисина герзан арсенал.