Кестта колонера араволуш ву криминалан инарла "Ахмед Шалинский"
Чувоьллина 10 шо доккхуш, Домбаевс гайтира, муьлхха а ницкъ болчу низамехь къу олучу стагаца ша ларалуш волу лидер хилар.
Ша аьлча, Липецкан колонехь цо охьатаIийра криминалан авторитет лоруш волу Ониани Тариел (Таро).
"Росбалто", ницкъаллин структурашкарчу хьастана тIе а тевжаш, дийцарехь, Домбаев, 10 шо а тоьхна, чувоьллина ву талораш лелорна, ткъа хан чекхйолуш ю цуьнан 2019-чу шарахь.
Амма, хIинца гучудаларца, кхело цунна тоьхна хан лахйина. Цу кепара Домбаев Ахьмад (Ахмед Шалинский) маьршавала везаш ву кху шеран аьхка.