Шемарчу Дума гIала ца буьту дуьненаюкъара тергамхой
ДIаьвшен герз дехкарехула йолчу Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан (Organisation for the Prohibition of Chemical Weapons (OPCW)) инспекторш цига кхача гIерташ бу дIадаханчу шоьтан дийнахь дуьйна.
Уьш саготта бу шайн йоцу кхерамазалла бахьана долуш. Шинарин дийнахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан векалш герз деттарна кIел нисбелллера Думахь.