Экстремизмца доьзна адамаш чудохкар доьазза алсамдаьлла Оьрсийчохь
Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, коьртачу декъана жоьпе ийзораш бу регионашкара "там боцу, амма кхераме доцу" къамелаш дина юкъараллан жигархой.
Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдан терахьашца, цу тайпа бехкаш а дехкина, 2017-чу шарахь чувоьллина 604 стаг. 2011-чу шарахь цу нехан терахь дара 149. Чубоьхинчерах ах сов бу 25 шо кхачанза кегийрхой.