Иракъехь яллалц чуйоьллина Дагестанера ши зуда
Хьалхо Иракъерчу Al-Sumaria телеканало хаам бинера, цу пачхьалкхан Коьртачу криминалан кхело Iожалла тIекхаччалц (яллалц) аьлла набахте а хьажийна, ен суд а йина кхечу пачхьалкхашкарчу 7 зудчунна аьлла.
Цу дIахьедарца а догIуш, яллалц чуйоьллинарг ю Францера зуда а, Оьрсийчуьра ши зуда а. Ткъа тоьпаш тоха кхел йина Азербайджанера кхаа зудчунна а, ГIиргIизойчуьра яхархочунна а.