2018 шо чекхдалале Facebook дIакъовла мега Оьрсийчохь
Цунах лаьцна "Известия" газетана ша еллачу интервьюхь дIахьедар дина цу урхаллан куьйгалхочо Жаров Александара. Цо дагардина 2018-гIа шо чекхдалале Facebook-о кхочуш дан дезарг.
Царна юкъахь ду Оьрсийчуьрчу бахархойх лаьцна информаци меттигерчу сервершна тIехь латтор а, Iедалша йихкина йолу информаци дIаяккхар а, ткъа иштта "кхин долу низамаш лардар" а.