RT телеканалан программаш толлур ю Британин Ofcom-о
Иза хьакхалуш ду керланех а, Оьрсийчуьрчу цу телеканало хIора денна гойтучу программех а. ХIинццалц цу тайпа кхачамбацарш хиллехь а, дукха тIех ца яьллера RT Британера хьал дуьйцуш. Амма Солсберехь шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а дIаьвшен тIелатар динчул тIаьхьа цу канало алсамдаьккхина цу махкахь долчу низамашца догIуш доцу Ofcom-о таллам бан беза программаш гайтар, аьлла ду Би-Би-Си-но бинчу хаамехь.