Шемарчу Шайрат авиабазина ракеташ ца тоьхна шаьш, боху Пентагоно
Шемарчу Шайрат авиабазина шинарин дийнахь ракеташ тоьхна аьлла хаам бинарг ю меттигера SANA агенталла. Тохарш динарш муьлш бу къастош ду Асдан Iедал. Агенталло дийцарехь, Шеман стигал ларйон системо схьалецна цига хьажийна йолу ракеташ.